Шайхи Арсанукаев            сайт посвященный памяти поэта,писателя

локатор
Галерея
песни на стихи Ш.А
Теги
Календарь
«  Апрель 2024  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930
Время жизни сайта
Статистика
Рейтинг@Mail.ru Яндекс.Метрика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0

Стихи

-------Ненан Мотт-------
 
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ"!-
Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1а цкъа соьга,"хьекъале корта",
Ладог1а,яккхи д1а лергара потт:
Йистйоцу х1орд санна,бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе,оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш-ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз!


Мерза бу,моз санна,ша безачунна,
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермантовс,Толстойс а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и.

Б1ешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь,къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн халкъан ойланаш,дахар а г1ийла
Далхадеш,къийсамна г1иттина цо.
Нохчочун майралла,оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь,декъазниг,-хьо цхьалха ву!


---Весет---

Къоьжачу вайн лаьмнийн
Дог кура баххьаш,
Вайн тог1еш,шовданаш,
Б1ешерийн хьаннаш -
Д1аэца тахана
Хьайн дола ахь уьш,-
Дас,весет деш,хьуна
Йитина хазнаш.

Д1аэца ахь х1инца
Дайша шайн ц1ийца
Заманийн йохаллехь
Лардина латта.
Даймохк хьайн д1аэца,
Раг1 хьан ю х1инца -
Ден весет кхочушдан,
Юкъ ехкий,г1атта.

Ларбе мохк,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха,хьайн весет деш,
К1анте д1ало.

Б1ешерийн къийсамехь,
Са санна,лардеш,
Таханенга кхачийна
Вайнехан г1иллакх,
Доттаг1ий хилла вай
Вежарех тарбеш,
Орцанна кхайкхаза
Кхочуш вай хилла.

Лаьмнашкахь даиман
Дина сий Ненан,
Воккханиг лийрина
Жимчо,деш г1уллакх.
Раг1 хьоьгахь ю тахана,
Вас ца еш дена,
Д1аэца цуьнгара
Дайн оьзда г1иллакх.

Ларде и,
Хазде и,
Ца еш мало,
Т1аккха,хьайн весет деш,
К1анте д1ало.

Хазнашлахь хазна ю
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.

Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам,лей,д1адолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.

Нохчийн мотт и - халкъан
Синхазнийн хьоста -
Къийсамехь ларбина
Массо а ханна.
Раг1 х1инца хьоьгахь ю,
Д1аэций,хьаста,
Ден весет кхочушде,
Къонахчо санна.

Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха,хьайн весет деш,
К1анте д1ало.


---Лакхенан г1иллакх---

Льамнийн а ду г1иллакх шайн -
Халачу лакхенан г1иллакх.
Лакхе ахь ца яккхахь хьайн,
Кху лаьмнийн во1 хьо ца хилла-кх.

Лаьмнийн а ду г1иллакх шайн -
Курачу лакхенан г1иллакх.
Лакхе ю  х1ораннан шен
Дош олуш,деш муьлхха г1уллакх.

Кура ду сан лаьмнийн дог -
Осалла йо кхузахь сийсаз.
Воккхачун пусар вай до,
Кхерчан са - нана ю сийлахь.

Лаьмнийн а ду г1иллакх шайн -
Ц1еначу лакхенан гйллакх.
Лаьмнашкахь цхьа лаьтташ ша
Лекха лам цкъа а ца хилла-кх.

Ц1ена ду сан лаьмнийн дог,
Дуккхаъчу къаьмнех бу доьзал,
Уллохь кхин стаг воцу стаг -
Лаьмнашкахь вовр ву-кха доьза.

Лаьмнийн а ду г1иллакх шайн -
Сийлахьчу лакхенан г1иллакх.
Стаг,нагахь стаг велахь ша,
Байракхах сий айдеш хилда-кх!


---Догдикчу лаьтта т1ехь---

Тийналла тийна д1а,
Гуш сема г1ан.
Х1аваъ сов дукъделла,
Хехкало,деш ха.
Комаьрша серса т1е
Беттан дог1а,
Когбаккхахь-
1индаг1аш дегадо тешха.
Сийначу дахкарах
Хьаьрчина 1а.
Сан льамнаш,
Б1аьргаш ца боьллуш.
Сема ду къона г1аш-
Хезаш ду схьа,
Забарен шабаршца
Шовда шайх длош.

Мел хаза ду-кха хьо,
Дог дика ду
Б1астенан аьхналло
Къондина латта!
Хьан довха саде1ар
Дог хьостуш ду,
Йозалла яйна дег1
Кийча ду г1атта.
Набкхетта сан эвла
Д1атийна 1а,
Сов к1еда ю цунна
Кху льамнийн г1овла.

Догдика адамаш
Дийшина д1а,
Дийшина туьйранаш,
Яц берийн г1овг1а...

Вог1у сайн бераллин
Лар хьоьшуш со,
Байбелла когаш сан,
Болар сихделла.
Хьоме лар-
Сайн ирса т1евуьгу цо,
Сатийсам,
Бералийн не1 суна елла!..
Ц1еххьана бодано
1аьвди сан лаг,
Ц1еххьана цхьа ирча
Сурт х1оьтти хьалха:
Догдикчу кху Лаьттахь
Схьагин цхьа стаг
Воллу кхин стаг хьийзош,
Де эшна,цхьалха.
Цхьанха-ма,
Догдикчу кху Лаьтта т1ехь,
К1ур оьхчу чевнна т1е
Хиъна 1а хьарг1а.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта т1ехь,
Эг1аза бер сеци,
Мацалла хьаьг1на.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта т1ехь,
Инзаре боккха ницкъ
Долахь шен 1аь1на,
Къиза стаг,
Тийналлех ца хеташ иэхь,
Керла т1ом кечбеш 1а,
Карти т1е таь1на...

Амма и бодане
Б1арлаг1аш яйн:
Юха а беттаса-
Дато нур хьоьрсуш.
Маьршачу тийналло
Садоь1у дайн,
Догдика Латта 1а,
Г1енашка хьоьжуш...


 

---Баркалла, адамаш---

(поэмин кийсиг)

 

Сан некъо шозлагIа

Гола шен тоьхна,

Гуьйренан къегина де.

Iаьржа букъ сеттинчу

Лекхачу парти тIе,

Цецваьлла, ийзалуш,

Дуьххьара со хиъна

Зевнечу сентябран

Хьалхара де.

 

Класса чу дуьххьара

Хьехархо ваьлча,

Хи чу гIаж кхоьссича

Пхьидарчий санна,

Тхо – бераш, тап-аьлла

ДIатийна де…

 

«Хьехархо»! –

Малх санна, догу и дош.

«Да-нан», цул тIаьхьа

ДогIу дош – «Хьехархо».

Хьехархо –

Даим а ду дагна товш

Баркаллин дешнашца хьехор хьо!

Хьехархо…

ХIоккхузахь лаьтта и хIинца,

Гой шуна – юьхь, хьажар,

Хаарша къагийна!

 

– Де дика хуьлда хьан,

Сан хилла Хьехархо,

Сийлахь болх декъала хуьлда!

Муха Iа-веха хьо

ХIинца, сан Хьехархо,

ГIел-м ца велла къахьега?

«Хьехархо» –

И йоцург цIе цаяккхарна

Бехк сайна цабиллар доьху ас хьоьга.

И йоцург тахана цIе хьан ца йоккху,

Хьан сибтехь массо а хьехархо гарна.

 

ХIаъа, со ву хIара –

Хьан хилла дешархо.

ХIаъа, со ву хIара –

Иттанаш шерашкахь,

ХIора а Хьайн дикчу

Дагах чекхвоккхий,

Вайн юьртан готтачу урамера

Дахаран шуьйрачу новкъа

Ахь баьхначу бIеннех цхьаъ,

Тахана, хьо гина, хилларг кхаъ.

 

Кхетта со, Хьехархо,

ХIинца со кхетта:

ХIара маьлхан дуьне вайн,

Жим-Iалам сийна

Довзийти, дезийти Ахь.

Дагна сан бIаьрса луш,

Хазалла ган,

Воккхавен, цецвийла

Iамий со Ахь.

Зорханна санна, сайн синна

Син кхача беза, и леха

Iамий со Ахь!

 

Баркалла, Хьехархо, баркалла!

Баркалла –

Со винчу ненан цу

Муттанечу меттан,

Шен бен кхин хила йиш йоцу,

Башха чам, ца кIордош, Ахь

Бовзийти дуьххьара суна.

Сан деган экаме мерзаш,

Лерина тIалам беш церан,

Вайн нохчийн зевнечу меттан

Стогаллин мукъамца далош,

Сов нийса нисдина, Ахь

Иллин ницкъ бовзийти суна.

Баркалла –

Кхолламан тембоцчу некъаша,

Идавеш, мичча со кхиссарх,

Дахаран хьеречу дезарша,

Къийзавеш, мел чIогIа сихварх,

Йовлучу бIаьстенийн

Сийна шабаршший,

ЦIеначу шовданийн

Сирла декаррий

Сайн ненан маттахь схьахаза

Iамий ахь, Хьехархо, суна!

Баркалла, Хьехархо, баркалла!

 

 

-----ДИКАЛЛЕХ-------

Дикалла… И маца кхачийна? Хьенан?
Дуьне а Дикаллех кхоьллина Дала,
И маьлхан зIаьнаршца комаьрша Iена,
ТIейолху догIанца, лайн чимашца а.

Алийша, ва нах, хIай, алийша, хIунда
Дац-те вай комаьрша хазачу дашна?
Алийша, доьху ас, алийша, хIунда
Ю-те вай Дикалла кхоош вовшашна?

Хьовсийша - стигал мел сирла ю, сийна!
Мел цIена, догдика, юьхь санна беран!
Делийша, адамаш, серлонан сийнна,
ДIалахкий мархаш шайн яххьашна тIера.

Дикалла хьулйо вай дегнаш чохь вешан,
ДIагойтий бендацар я оьгIазалла.
Алийша, хIай нах, аш, со кхетавейша:
Мичара яьлла вайн саьхьар писалла?

Хьовсийша, нах, малхе, къежачу сирла,
ЗIаьнаршла, бер санна, безам хьарчийна.
Къежийша вовшашна цу маьлхан сийнна -
Вайн - адмийн - дегнаш ду малхо латийна!

 

 


---- Кхийти со...-----



Кхийти со.

Эххар а кхийти со, хIунда

Ду суна чолхечу Дуьненахь атта.

Кхийти со.

Эххар а кхийти со, хIунда

Кхочу ницкъ халонехь

Догкура гIатта:

ГIовгIане Дуьненахь

Цхьа лам бу тийна,

Цунна кIел цхьа юрт ю,

ТIехь бошмаш техкаш.

Цхьа шийла шовда ду

Самукъне кхехкаш.

Цхьа шира цIа ду со

Даим дIавоьхуш,

Цу чохь сан НАНА ю,

Со варе хьоьжуш...


Кхийти со,

Кхийти со,

Эххар а кхийти -

Сайн ирсан,

Безаман хьостанех кхийти!
 

 

---Амал---

Ма ала кура ву,

айбича корта –

Башлаьмнийн баххьашка

Хьежна ву со.

Цундела лууш ву

Лакхене гIорта ---

Лакхенехь дахаран

Сийлалла го.

 

Ма мотта гIийла ву,

Оллийча корта ---

Ламанийн Iаннаш чу

Хьежна со ву.

Дахар ду вайн иштта,

  бухбоцуш,  кIорга,

КIоргено хьекъале

Стаг кхачаво.

 

Соьгарчу собарах

Цец хIунда вуьйлу? ---

Хьажал – мел собаре

Лаьтта дIо лам!

Хийла мох,

Буьрса дарц

   Цунна тIех дуьйлу, ---

Со лаьмнех Iемина

Халонаш лан.

 

Челакх ю, олу ахь,

Наггахь сан амал ---

Ламанан шовда ду

Ас муьйлу хи.

Цундела хир ду-кх со

Сихвала Iамар ---

Оьшу и сатоха

Йиш йоцчохь кхин…

 

Со вина льамнашкахь,

Даймехкан 1алам

Ду сийна сан ага,

Сан ирсан беш.

Амал а сайниг ю

Сан лаьмнийн амал.

Пхенашкахь сан кхехкаш

Ю чахчареш. 

 


 

---Мохкбегор---

 

ЦIеххьана кхерийна,

Лаьттан дегI дегий.

ЭхI, Латта, дийцахьа

                         хиллариг хьайна,

Алахьа,

ХIун цатам хилла, хьо дегий?

Я дог хьан лазий-те,

Харцо ца лайна?

Я, атом иккхина, мархаш гин гIенах?

Я жима бер гин-те къаьстина ненах,

Дестечун маьхьаро дина ша хьере,

ЦIеначу бIаьргаш чу

                        гIоьртина кхерам?

Алахьа, хIай Латта,

ХIун гира хьуна:

ДоттагIчо тешнабехк

Бин доттагIчунна?

Я меттахь дIатесна

Шайн нана къена,

СапаргIат баха-те кIентий дIа гена?

Я къона безам гин осалчо Iехош?

Я поэт воллура харц дешнаш лехьош?

Бендоцуш лелачийн гин аьрта

                                                 яххьаш?

Я гин-те тIехьашха тоха урс айдеш?

 

ЭхI, маржа яI, Латта, хIун хили-техьа?

Со орцах вер ву-кх,

                                хьо дега ма дехьа…