Шайхи Арсанукаев            сайт посвященный памяти поэта,писателя

локатор
Галерея
песни на стихи Ш.А
Теги
Время жизни сайта
Статистика
Рейтинг@Mail.ru Яндекс.Метрика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0

Каталог статей

Главная » Статьи » Мои статьи

Кадам. Арсанукаев Шайхи

Боккха иэшам хилла нохчийн литературина а, дерриге а нохчийн къомана а – март беттан 13-чу дийнахь бакъдуьнена вирзина Нохчийн Республикин халкъан поэт Арсанукаев Шайхи. Нохчийн поэт Арсанукаев Шайхи вина 1930-чу шеран август беттан 15-чу дийнахь Ведана районерчу Дишни-Ведана юьртахь 1абдумуслиман а, Цуцин а доьзалехь. 1944-чу шеран 23-чу февралехь дерриге а къомаца цхьаьна бехк-гуьнахь а доцуш махках ваьккхира, шен халкъаца цхьаьна лайра Даймахках къастаран къахьо. 1949-1952-чуй шерашкахь хинволчу поэта доьшу Семипалатинск-г1аларчу финансови техникумехь. 

Даймахка ц1адирзинчул т1аьхьа чекхйоккху Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет (цул хьалха ша заочно доьшуш хилла Москвара финансови институт д1а а тосий). 1952-1958-чуй шерашкахь Казахстанехь финансови органашкахь белхаш бо. 1958-чу шарахь Нохчийчу ц1абоьрзу Шайхиг1еран доьзал. Кхунах шех Ведана районан коьрта финансист хуьлу (районан финотделан доладархо). И болх 1965-г1а шо кхаччалц бо цо. Амма поэт хила дуьнена ваьлларг йозанан балхо д1аийзавора. 1965-чу шарахь «Колхозан дахар» ц1е йолчу районан газетан редакторан заместитель х1оттаво Ш.Арсанукаев. Кхид1а йолчу ханна цуьнан болх а, дерриге дахар литературица доьзна нисло. 1967-1973-чуй шерашкахь Нохч-Г1алг1айн киншкийн издательствехь редакторан болх бо. 1973-1984-чуй шерашкахь «Орга» альманахан коьрта редактор болхбо (Мамакаев Мохьмадал т1аьхьа). 1986-1997-чуй шерашкахь Нохч-Г1алг1айн Яздархойн союзан правленин председатель волуш къахьоьгу. 2000-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент волуш болхбира Арсанукаев Шайхис. Стихаш язъян волавелла ишколехь доьшуш волуш. Дуьххьарлера стихаш зорбане йийлина 60-чу шерийн юьххьехь «Колхозан дахар», «Ленинан некъ» газетийн аг1онаш т1ехь. «Лаьмнашкахь 1уьйре» ц1е йолу стихийн хьалхара гулар араелира 1965-чу шарахь. Х1етахь дуьйна цо арахецна ткъех гергга стихийн, поэмийн гулар: «Безаман шовда» (1967 шо), «Ц1еран суй» (1969 шо), «Новкъахь» (1970), «Стихи» (оьрсийн маттахь (1971шо), «Сийна некъаш» (1973 шо), «Лакхенан г1иллакх» (1975 шо), «Вершина» (оьрсийн маттахь, 1977 шо), «Тешам» (1979 шо, «Керла де» (1980 шо), «Голубые вершины» (оьрсийн маттахь, 1981 шо), «Ушармин Ших» (1982 шо), «Лаьмнийн иллеш» (1991 шо), «Роща любви» (оьрсийн маттахь 1988 шо). «Тимуран тур» стихашкахь повестан а, ткъа иштта нохчийн литературехь дуьххьара стихашкахь язйинчу «Кхолламан сизаш» романан а автор ву Шайхи. 2009-чу шарахь зорбане яьлла поэтан хаьржинчу говзарийн ши том («Сийна гене», «Уьш хийца тарлуш дац»). Ш.Арсанукаев стихаш зорбане йийлина гуьржийн, украинийн, туркойн, казахийн, дуккха а кхечу къаьмнийн меттанашкахь арайийлинчу юкъарчу гуларшкахь. Кхечу къаьмнийн тоьллачу поэтийн стихаш нохчийн матте гочъеш а боккха болх бина Шайхис.
Россин Федерацин яздархойн V, VI, VII-съездийн а, СССР-н яздархойн IХ-чу съездан а делегат хилла Ш.Арсанукаев. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош, 1980-чу шарахь поэтана «Нохч-Г1алг1айн АССР-н культуран хьакъволу белхахо» ц1е елира, 1989-чу шарахь дуьйна Нохч-Г1алг1айн АССР-н халкъан поэт а, 2005-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин сийлахь гражданин ву поэт. 2009-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Р. Кадыровн Указца Арсанукаев Шайхина совг1ат до «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца. Адамаллин уггаре а тоьлла амалш – догдикалла, комаьршалла, къинхетам йолуш стаг вара Шайхи. Шен хьаштийн дуьхьа эццара ког эцца а боккхур боцуш, адамаш дукхадезаш, церан дуьхьа вала а, ваха а кийча волуш, дахарх ц1ена чекхвала хьуьнар кхечи поэтан. Нохчийн меттан шатайпа шатлакхан илли хилла лаьтта «Ненан мотт» байт тоьара яра Арсанукаев Шайхин ц1е даиманна а вайн дегнашкахь йиса.
Дала гечдойла Шайхина, Дала ийман долу собар лойла цуьнан доьзална а, халахетаран дакъа мел долчунна а!

Нохчийн Республикин яздархойн союз

журналалаш «Орга», «Вайнах», «Нана»,
«Стела1ад», «Даймохк» газет

Источник: http://orga-journal.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=7:2012-03-28-12-03-24&catid=6:2011-06-20-11-53-21&It
Категория: Мои статьи | Добавил: GANSDOG (02.01.2014)
Просмотров: 1147 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *: