Шайхи Арсанукаев            сайт посвященный памяти поэта,писателя

локатор
Галерея
песни на стихи Ш.А
Теги
Время жизни сайта
Статистика
Рейтинг@Mail.ru Яндекс.Метрика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0

Каталог статей

Главная » Статьи » Мои статьи

Ларйоцуш ца дов дIадахнарг часть-2

Къеначу илланчас нахе дешдолу къамел а ду кIорггера чулацам болуш. Муха лан деза ярташ, шахьарш, хьаннаш ягор, ялташ говрийн бергашца хьешар, дайн кешнаш сийсаздеш гар – иштта хаттарш хIиттадо цо халкъана хьалха. Айтамирна уггаре коьртаниг ду – кхидолу къаьмнаш я мостагIий нохчех цакхардор, халкъо лолла тIе цалацар.

Дуьххьара хиллачу тIеман тасадаларехь нохчий иэшча, тIаккха а шен пондаран мерзийн мукъамца, иллин дешнашца адамийн доьхна дегнаш ойбург Айтамир ву:

Лаьттана гуолаьцна

И сийна хIорд санна,

Лаьмнашна гуолаьцна

МостагIий лаьтта.

Дакъаза ма довла,

ХIай нохчийн ва кIентий,

Доьхначу кху дийнахь

Шу мичахь тийна-техь?..

 

Сий лардан, яхь ларъян

КIентий шен кхин боцуш,

Йиси-техь Нохчийчоь

Дан амал кхин доцуш?

Дакъаза ма довла,

Яхьйолу хIай кIентий

Доьхначу кху дийнахь

Шу муха Iедели?

 

Доьхна де дуьххьара

Гуш шу ма дацара,

Кхерамехь хIинццалц шу

Доьхна ма дацара.

Дакъаза ма довла,

Яхьйолу хIай кIентий,

Тахана орцанна

Шу хIунда хьедели?..

АстагI Тимарца машаран дийцарш дан веънарг а ву Айтамир шеца Эсира а йолуш. Къизачу Тимаран кура дог-бIаьрг кхин а тIе а духу и шиъ гича:

«ХIорш бу-кх уьш…

ХIинццалц сан

ХIорш ловзо дезна!..

Илланча… Майра йоI…»

Уггаре а халаниг ду Тимарна, тохара хьалха йийсаре балийначу нохчаша санна, гора а ца оьгуш, къинхетам а ца боьхуш, Айтамира шега майра къамелдар.

Iожаллин тур хилла

Веанчу хьуна

Кхаьчнарг а ю хIинца

Декъаза хIонс!..

Йицъелла хьуо вина

Хьайн нана хьуна,

Цундела неханиш

Ахь белхабо.

Ца дезна цкъа а хьайн

Бераш а хьуна,

Цундела неханиш

Ахь хIаллакдо…

Карабалийначу йийсархошна кхиэл кхайкхорехь а хьалхара дош Айтамирехь ду.

Сих ца луш, собаре

Хилар цо доьху.

Массарна гуш деца

ХIоьттина хьал.

ХIетте а адамалла,

Къинхетам хьоьху,

Къизалло толам ло

Моттар ду гал…

ХIаъ, Айтамиран даг чохь адамалла, къинхетам бу, хьалхо-о Тимара нохчашна-йийсаршна къиза кхиэл кхайкхинехь а. Тимар тешна хилла ницкъаца, кхерам тасарца, Iожалла яржорца дерриге а халкъаш шега иэшалур ду бохучух. Амма илланчин хьекъал, ира, нийса дош нуьцкъала хиллера мел доккхачу эскарал а, церан герзел а.

Шайна тIе тидам бохуьйтуш ду йоккхачу стеган-ненан а, воI воцчу ден а васташ. Нохчийн иллешкара Адин Сурхон ненан, оьрсийн КIентан ненан васташ карладоху йоккхачу стеган къамело:

…Виъ воI сайн кху тIамехь

Велла ас Деле…

Хилла уьш ца боьгIна

Кхин суна ган…

Ткъа хIинца висинарг –

Уггар а хьоме

Верг сайна дIаэцар

Доьху хьоь ас.

 

Эшначохь махкана

Вала во хIора

КIант нанас, цундела

Бакъо ю сан…

Ткъа хьоьга, кIант, ду сан

ТIаьххьара ала.

Дехахь дIа хIокхара

Хьайн дегIан са…

…Ахь чехка дIалолахь

Хьайн мерза са!

Иштта веана къена Дада а, шен йоI тIаьхьа а хIоттийна:

Тахана, мехкан сий

Лардечу дийнахь

БIаьхошца ца хилча

Шен майра воI,

Иэхьхеташ хеба-кха

Дадин дог кийрахь…

Кхетий хьо? ВоI вац сан,

ДIаэца йоI!

Иштта хилла лаьмнийн гIиллакх, нагахь и иштта ца хиллехьара, хийла нуьцкъала, кура паччахь кхузарчу халкъаша, ницкъ бохийна, куралла йожийна, юханехьа дIахьажор вацара.

«Тимуран тур» повестехь Iаламан суьрташ ша кхуллуш, авторо боху адамашка, мел исбаьхьа ду дуьне, Iалам, адамаша шаьш тIемийн къизаллашца дохош, талош долу.

Ламанан кху ирзехь

Iуьйре гIаьтти,

Бер санна, самукъне

Ловзуш.

Месала хьаннаш, наб

Йожош, лести,

Сийна чIуг хелхарехь

Хьовзош.

 

Iуьйрено шен къона

Болар сихди,

Къиэжа и, юьхь нуьре

Йогу.

ГIабалин баьццара

ТIам кхерстош, и

Дахарна барт баккха

ЙогIу.

 

Къеди схьа лаьмнашна

ТIиэхьара цIен

Малх, хьаннаш зIаьнаршца

Юцуш.

Сема лу кIорница

Дели гу тIе.

Зарзар ю безам шен

Буьйцуш.

 

Сирла ду дерриг а,

ЦIена ду сов.

Догдика – гонаха

Мел дерг.

Iаламна ца хаьа

Цабезам, дов,

Дац цуьнца дагна хьагI

Елларг…

Оцу исбаьхьчу Iаламан цхьана хазачу ирзу тIехь, «адамо адамца къевсина текх», дуьххьарлера тасадалар хуьлу нохчийн Тимаран эскаршца. Поэмин авторо бехкбуьллу адамашна цу маьлхан ирзунан маьрша дахар дохорна.

ЭхI, маьлхан ирзу!.. И

Iаржделла ша,

Буьрсачу чIагарехь

Хьийзаш.

Ховха бай бухбохуш

Бу бергаша,

Сийна букъ кхоамза

Къийзош!..

Маьхьарий… НеIалташ…

ГIийла узарш…

Зевнаца деттало

Герзаш.

Оьгу нах, хьоьшу нах…

ЭхI, адамаш!..

Дой къиэхка, инзаре

Терсаш…

Цхьана байттамаллица, бехкбаккхарца хеза «эхI, адамаш!..» боху айдардош-тIедерзор, цо повестехь драматизм кхин тIе а чIагIйо. ХIунда, стенна Iенадо цIий, хIара латта сел доккха, паргIата, исбаьхьа хилча? – боху хаттарш сих-сиха хIиттадо авторо.

Ямартчу элана Бахьагна кIарлагIа-неIалтан барз югIу. Иштта Iедал хилла нохчийн ширачу заманахь. Цара, арахьарчу мостагIашца къийсина ца Iаш, луьра дуьхьалоеш хилла шайн коча бухкучу элашна а, нагахь уьш халкъ шайн олалли кIел берзо гIоьртича.

Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу повесть, исбаьхьаллин говзар хилла ца Iаш, нохчийн историх а, юкъараллин дIахIоттамах а язйина ю. Бакъду, нийса хир дара, нагахь цу повестан цIе «Тимаран тур» аьлла елахьара, Нохчийн барта кхоллараллехь цуьнан цIе Тимар я АстагIа Тимар олий йоккху. И повесть школан программи юкъаялийна а ю. Дешархоша дика тIе а оьцу и, хIунда аьлча царна и йоьшуш дуккха а керланиг девза шайн генарчу дайн дIадаханчу дахарера. Амма и ешале хьалха хьехархочо йовзийта еза цу тIехь буьйцучу хиламийн зама. ХIетахьлерчу нохчийн Iер-дахарх, гIиллакхех, амалех, динлелорах дика хаарш долуш а хила веза хьехархо. Кхетош-кхиоран балха тIехь доккхачу маьIне а, пайде а ю и повесть.

Нагахь санна дIадахнарг ца девзаш тIаьхье кхиахь, хиндерг доцуш хуьлу муьлхха а къам. Поэта шен повестан дIадолорехь ма-аллара:

ДIадахнарг, мохь хуьлий,

Белшаш тIе дазло,

Таханах ца къаьсташ,

ДIаоь и тIаккха.

Кханенна ков делла

Вайна ца хаздо,

Ницкъ ло цо вайна гIулч

Хиндолче яккха.

БIеннаш шераш хьалха дуьйна, хIокху повестехь буьйцучу хиламех тера хьал тIехIоьттича, вовшашна орцахдовлуш хилла Къилбаседа Кавказан къаьмнаш. Иштта кхоллалуш хилла халкъийн вежаралла. «Тимуран тур» повестехь гайтина Дагестанерчу къаьмнийн векалша тIевеанчу мостагIчунна тIехь толам баккха гIодеш хилар.Уьш историн тоьшаллаш ду, тахана къаьсттина дицдан йишйоцуш, юх-юха а карладаха дезаш, таханлерниг санна чолхе, карзахе еанчу заманахь шен диканца, шен вонца чекх ца далало цхьа а къам хIокху дуьненахь.

ТIаккха хир ду вайн тешаме хиндерг а. Шенна дахаделла къам а дац. Иштта хьехамаш бо вайна Арсанукаев Шайхис шен «Тимуран тур» повестехь.



Источник: http://orga-journal.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=158:2013-09-04-09-20-12&catid=2:2011-06-20-10-11-22&
Категория: Мои статьи | Добавил: GANSDOG (02.01.2014)
Просмотров: 7267 | Рейтинг: 1.0/2
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *: