Шайхи Арсанукаев            сайт посвященный памяти поэта,писателя

локатор
Галерея
песни на стихи Ш.А
Теги
Время жизни сайта
Статистика
Рейтинг@Mail.ru Яндекс.Метрика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0

Каталог статей

Главная » Статьи » Мои статьи

Шайхиев 1алвади.Мокхазан суй.

                Со вина лаьмнашкахь нохчочо-нанас,

                   Мокхазан суй бу сан дог латийнарг.

                  Амал а сайниг ю – сан лаьмнийн амал,

                    Лаьмнашка безам бу со гIаттийнарг.


Вуьшта, Арсанукаев Шайхин I969-чу шарахь араяьллачу цхьана гуларан цIе-м «ЦIеран суй» аьлла ю, цо «мокхазан суй бу сан дог латийнарг» бахахь а. Амма суна, хIун ду а ца хаьа, даима моьттура цо шен байташкахь хIор элп а, хIор дош а мокхазах огура, аьлла. Хала, гIоьрттий. Цундела цуьнан байташ даг чу юьйшура, езза а, еххачу ханна а, заманна а, иштта дахаран тIелетаршна а муьтIахь а йоцуш.

 

ХIаъ, вуно чолхе а, амма лензалле некъ хьаьхна а ю Арсанукаев Шайхин ерриге поэзи.

Со 9-чу классехь доьшуш вара тхойша дуьххьара вевзинчу хенахь. Тхан доттагIалла шовзткъа шарал а сов дахделира. ХIоразза а, цхьаьнакхетча, вуно чIогIа хаза а хетара, вовшех самукъа а долура тхойшиннан. Вехха Iара тхойша вовшашка дагара дуьйцуш.

Арсанукаев Шайхи нахаца уьйр езаш а, йолуш а, ша тIе-кере а стаг вара. Цуьнца цхьаьна яздархойн Союзехь болх бан а ирс хилла сан. Иза «Орга» альманахан редактор вара. Иза волчохь хIор денна а дуккха а хтеший хуьлара: цхьаберш шайн произведенеш йохьуш,  ткъа вуьйш цуьнца дар-дацар ала баьхкина. Суна цкъа а ца гира иза волчу веана стаг дог доьхна дIавоьдуш. Арсанукаев Шайхина массаьрца а карабора бийца юкъара мотт. Иштта вара иза: тешаме а, комаьрша а, догдика а. Ас дозалла а до, со воккха а вуьй кхолламо тхойшиннан некъаш цхьаьнадалийна. Тхан доттагаIалла иштта деха дахдаларна.

 

Арсанукаев Шайхин кхоллараллехь поэзин ерриге жанраш го вайна: поэмаш, драмаш, легендаш. Царех ю, масала, хIара произведенеш: «Безаман ирзу» (драма-легенда), «Тимуран тур» (драма), поэмаш – «Харачойн Зеламха», «Ушармин Ших», «Баркалла, адамаш», «Къизаллин хелхар», «Хан-ГIала», «Захар», «Заманийн аьзнаш».

Къаьсттина билгадаккха лаьа нохчийн поэзехь Арсанукаев Шайхи дуьххьара стихашкахь роман язйинарг а хилар. Цуьнан цIе ю «Кхолламан сизаш».

Нохчийн литературехь Арсанукаев Шайхис Iаламат йоккха а, беркате а лар йитина. Литературоведаша хIинца а цуьнан кхоллараллин хьакъ боллу мах хадийна бац аьлла хета. Цуьнан а хир ю цхьа зама.

Иза даима новкъахь вара. Поэзин новкъахь.

 

Со сихвелла хIунда лийли,

Стенга хьаьдда хилла со?

Байттамал яI, дай-кха хийла

БIаьсте ца гуш, дедда шо…

 

Аьрха ойла тIемаяьлла,

ДуьхьалхIоьтти сийна гIан.

Винчу мехкан исбаьхьалла –

ХIун ду цул сов лекха, ган?..

 

 

Арсанукаев Шайхин стихаш къаьсташ ю луьстачу исбаьхьаллин басаршца а, васташца а. Къаьсттина шуьйра евзаш ю цуьнан «Ненан мотт» цIе йолу стихотворени.

 

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,

Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.

«Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», –

Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.

 

ЛадогIал соьга цкъа, «хьекъале корта»,

ЛадогIал, яккхий дIа лергара потт:

Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта

Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

 

ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,

МостагIче вистхуьлуш – ду ира герз.

Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,

Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!..

 

Иштта дIайолалучу оцу стихотворенина буха куьг яздийр дара аьлла хета ша бакъ нохчо лоручу муьлххачу а стага. Цундела иза кест-кеста хеза дешархоша дIайоьшуш.

Нагахь санна Арсанукаев Шайхис и цхьа стихотворени бен язйина яцахьара а, тIаккха а цуьнан цIе йоккхуш хир яра тоьллачу поэтийна цIерашлахь хьалхарчу могIарехь. Амма, цхьадика, цуьнан дукха ю исбаьхьалле а, чулацам кIорга болу а стихаш.

Арсанукаев Шайхин кхоллараллина хийра яцара забарийн байташ а. Масална «Варий, йоI, ма гIолахь поэте маре» цIе ерг ялийча а кхачаме хир ду.

 

Варий, йоI, ма гIолахь поэте маре,

Ма теша поэтах, дийцарх цо говза.

СовгIатна кхийдор ду стигланан дари,

Бохур ду:

– ГIуо вайша седарчех ловза.

Ткъа, мухха, ахь хIусам готта ю алахь,

Йоьшур ю стих хьуна: «Даймохк бу шуьйра…».

 

КхидIа а:

 

…Шун хIусам яьккхинчу книгашна юккъехь

Ма леха – карор яц хьуна сберкнижка. Иштта дIа кхин а. 

 

…Кху шеран I3-чу мартехь шийла кхаъ кхечира поэзи езачу массаьрга а: сецира Арсанукаев Шайхин дог. Цхьана корматаллечу стагана къийделира вайн дуьне.

Веза-воккхачу Дала гечдойла цунна! Декъалйойла иза вирзина меттиг!



Источник: http://orga-journal.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=9:2012-03-30-10-26-58&catid=2:2011-06-20-10-11-22&It
Категория: Мои статьи | Добавил: GANSDOG (02.01.2014)
Просмотров: 1692 | Комментарии: 1 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *: