Со вина лаьмнашкахь нохчочо-нанас,                    Мокхазан суй бу сан дог латийнарг.                    Амал а сайниг ю – сан лаьмнийн амал,                     Лаьмнашка безам бу со гIаттийнарг. 
 
 Вуьшта, Арсанукаев Шайхин I969-чу шарахь араяьллачу цхьана гуларан 
цIе-м «ЦIеран суй» аьлла ю, цо «мокхазан суй бу сан дог латийнарг» 
бахахь а. Амма суна, хIун ду а ца хаьа, даима моьттура цо шен 
байташкахь хIор элп а, хIор дош а мокхазах огура, аьлла. Хала, 
гIоьрттий. Цундела цуьнан байташ даг чу юьйшура, езза а, еххачу ханна 
а, заманна а, иштта дахаран тIелетаршна а муьтIахь а йоцуш. 
   ХIаъ, вуно чолхе а, амма лензалле некъ хьаьхна а ю Арсанукаев Шайхин ерриге поэзи.  Со
 9-чу классехь доьшуш вара тхойша дуьххьара вевзинчу хенахь. Тхан 
доттагIалла шовзткъа шарал а сов дахделира. ХIоразза а, цхьаьнакхетча, 
вуно чIогIа хаза а хетара, вовшех самукъа а долура тхойшиннан. Вехха 
Iара тхойша вовшашка дагара дуьйцуш.   Арсанукаев Шайхи 
нахаца уьйр езаш а, йолуш а, ша тIе-кере а стаг вара. Цуьнца цхьаьна 
яздархойн Союзехь болх бан а ирс хилла сан. Иза «Орга» альманахан 
редактор вара. Иза волчохь хIор денна а дуккха а хтеший хуьлара: 
цхьаберш шайн произведенеш йохьуш,  ткъа вуьйш цуьнца 
дар-дацар ала баьхкина. Суна цкъа а ца гира иза волчу веана стаг дог 
доьхна дIавоьдуш. Арсанукаев Шайхина массаьрца а карабора бийца юкъара 
мотт. Иштта вара иза: тешаме а, комаьрша а, догдика а. Ас дозалла а до,
 со воккха а вуьй кхолламо тхойшиннан некъаш цхьаьнадалийна. Тхан 
доттагаIалла иштта деха дахдаларна.    Арсанукаев Шайхин
 кхоллараллехь поэзин ерриге жанраш го вайна: поэмаш, драмаш, легендаш. 
 Царех ю, масала, хIара произведенеш: «Безаман ирзу» (драма-легенда), 
«Тимуран тур» (драма), поэмаш – «Харачойн Зеламха», «Ушармин Ших», 
«Баркалла, адамаш», «Къизаллин хелхар», «Хан-ГIала», «Захар», «Заманийн
 аьзнаш».   Къаьсттина билгадаккха лаьа нохчийн поэзехь 
Арсанукаев Шайхи дуьххьара стихашкахь роман язйинарг а хилар. Цуьнан 
цIе ю «Кхолламан сизаш».  Нохчийн литературехь Арсанукаев 
Шайхис Iаламат йоккха а, беркате а лар йитина. Литературоведаша хIинца а
 цуьнан кхоллараллин хьакъ боллу мах хадийна бац аьлла хета. Цуьнан а 
хир ю цхьа зама.  Иза даима новкъахь вара. Поэзин новкъахь.     Со сихвелла хIунда лийли,  Стенга хьаьдда хилла со?  Байттамал яI, дай-кха хийла  БIаьсте ца гуш, дедда шо…     Аьрха ойла тIемаяьлла,  ДуьхьалхIоьтти сийна гIан.  Винчу мехкан исбаьхьалла –   ХIун ду цул сов лекха, ган?..        Арсанукаев
 Шайхин стихаш къаьсташ ю луьстачу исбаьхьаллин басаршца а, васташца а.
 Къаьсттина шуьйра евзаш ю цуьнан «Ненан мотт» цIе йолу стихотворени.     Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,  Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.  «Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ», –  Бохуш, и сийсазбан ца хета эхь.     ЛадогIал соьга цкъа, «хьекъале корта»,  ЛадогIал, яккхий дIа лергара потт:  Йист йоцу хIорд санна, бу хьуна шорта  Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.     ГIиллакхе, оьзда бу доттагIче буьйцуш,  МостагIче вистхуьлуш – ду ира герз.  Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,  Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!..     Иштта
 дIайолалучу оцу стихотворенина буха куьг яздийр дара аьлла хета ша 
бакъ нохчо лоручу муьлххачу а стага. Цундела иза кест-кеста хеза 
дешархоша дIайоьшуш.  Нагахь санна Арсанукаев Шайхис и цхьа 
стихотворени бен язйина яцахьара а, тIаккха а цуьнан цIе йоккхуш хир 
яра тоьллачу поэтийна цIерашлахь хьалхарчу могIарехь. Амма, цхьадика, 
цуьнан дукха ю исбаьхьалле а, чулацам кIорга болу а стихаш.  Арсанукаев
 Шайхин кхоллараллина хийра яцара забарийн байташ а. Масална «Варий, 
йоI, ма гIолахь поэте маре» цIе ерг ялийча а кхачаме хир ду.     Варий, йоI, ма гIолахь поэте маре,  Ма теша поэтах, дийцарх цо говза.  СовгIатна кхийдор ду стигланан дари,  Бохур ду:  – ГIуо вайша седарчех ловза.  Ткъа, мухха, ахь хIусам готта ю алахь,  Йоьшур ю стих хьуна: «Даймохк бу шуьйра…».     КхидIа а:     …Шун хIусам яьккхинчу книгашна юккъехь  Ма леха – карор яц хьуна сберкнижка. Иштта дIа кхин а.       …Кху
 шеран I3-чу мартехь шийла кхаъ кхечира поэзи езачу массаьрга а: сецира
 Арсанукаев Шайхин дог. Цхьана корматаллечу стагана къийделира вайн 
дуьне.  Веза-воккхачу Дала гечдойла цунна! Декъалйойла иза вирзина меттиг! 
		
	 
  Источник: http://orga-journal.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=9:2012-03-30-10-26-58&catid=2:2011-06-20-10-11-22&It |