Шайхи Арсанукаев            сайт посвященный памяти поэта,писателя

локатор
Галерея
песни на стихи Ш.А
Теги
Время жизни сайта
Статистика
Рейтинг@Mail.ru Яндекс.Метрика
Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0

Каталог статей

Главная » Статьи » Мои статьи

Ларйоцуш ца дов дIадахнарг. часть-1

    

XIV бIешеран чаккхе. 1395-чу шеран бIаьста, апрель баттахь, Нохчийчу кхочу АстагI Тимаран доккха эскар. Оццу баттахь Терк-хин йистошца АстагI Тимара тIом бо кхечу мехкашдIалецархочун – Тохтамышан эскарца. Тохтамыш оьшу. Цул тIаьхьа Тимар ерриге а ДегIастанехула чекхволу. Шина шарахь сов олалла до АстагI Тимара Къилбаседа Кавказехь. Оцу муьрехь нохчаша а, кхечу къаьмнаша а хаддаза дуьхьалойо мехкашдIалецархочун гIеранашна. Оцу къаьмнийн гIортор хилла уггар хьалха майралла, доьналла, маршоне дозадоцу безам, шолгIа – юькъа хьаннаш а, хийла бIеннаш шераш хьалха дуьйна уьш лардина лаьмнаш а.

 

АстагI Тимаран бIо, ламанхой кхин къарбала а ца тигна, эрна цхьаьнаметта ца латтархьама, юхабоьрзу. XV-чу бIешеран юьххьехь дуьйна нохчий шайн аренца долчу латтанашна тIе охьакхалха буьйлало.

Иштта бу оцу шерех болу историн хаамаш. Изза тIечIагIдо нохчийн ширачу хабарша а. ХIинца а йолуш ю оцу заманан хиламаша кхоьллина меттигийн цIераш, масала: АстагI Тимаран саьнгарш.

Вай лакхахь хьахийначу историн хиламех лаьцна ю нохчийн вевзашволчу поэтан Арсанукаев Шайхин «Тимуран тур» цIе йолу стихашкахь повесть. Нохчийн истори евзачарна бевзашболу и хиламаш Арсанукаев Шайхис исбаьхьаллин дешнашца буьйцу, ткъа исбаьхьаллин дош синхаамашна тIеIаткъам чIогIа болуш хуьлу, историкийн доццачу тоьшаллел. ХIара говзар ша кхуллуш, авторо шена хьалха хIоттийна Iалашо АстагI Тимаран а, нохчийн а вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар гайтар хилла ца Iа, цо кхузахь гайтина Нохчийчуьра хIетахьлера политикин а, Iер-дахаран а хьелаш, юкъараллин дIахIоттаман башхаллаш, луларчу къаьмнашца хилла юкъаметтигаш, хIетахьлерчу къизачу хенахь даьхначу адамийн синкхетам, амалш, дуьненехьежамаш.

Стихашкахь повестан эпиграфехь далийна ду оьрсийн сийлахьчу поэтан А.С. Пушкинан кIорггера чулацам болу дешнаш: «Шен дайн хьуьнарийн сийлаллех куралла яр, мегна ца Iаш, декхар а ду: и цаларар иэхьен осалалла ю». Цуьнца цхьаьна догIу поэмин авторан дIадолор а:

ХIан-хIа, вайн дIадахнарг

Ца дов ларйоцуш,

Йиш яц и дицдан а,

Яларх хан хийла.

Деха и даима вайца,

Лийрдоцуш.

ДIадахнарг тарлац

Вай дилла архиве…

… Дика а, вуон а цо

Iамадо довза,

Сийлахьниг къастадеш

Иэхьечух нийса.

Дай лара хьоьху цо,

Даймохк вайн биэза,

ГIиттадо, бакъ толош,

Харцонца къийса…

Дуьххьара дешархочунна гойту Iаламан сурт, азаллехь дуьйна шен декхар кхочушдеш, Iа-бIаьстенца, аьхке-гуьйренца хуьйцуш, схьадогIуш долчу:

Iаламна, Iаьржа а

Дуьйхина, Iен

Ца хаьа,

Адамна санна.

ГIайгIанна къорачу

Цуьнан а шен

Декхарш ду

Массо а ханна.

Нах цIайна (иштта олуш хилла ширачу заманахь Iесачу динан дезачу дийнах) гулбелла бIаьстенан сирлачу, сийначу цхьана дийнахь. Таханлерниг Мехкан Нана хоржу де ду. Ерданна-килсана хьалха гулделла адам, мехкаршлахь хазаллица а, оьздаллица а тоьллаерг харжа цхьана шарна, цуьнан цIе «Дела» а йоккхуш. Оцу заманахь къона зударий шина декъе боькъуш хилла: шайн гIиллакх-оьздангаллица а, исбаьхьчу куьцехь а тоьлла болчех «мехкарий» – мехкан йоIарий олуш хилла, вукхарах – йоIарий я зудабераш. Иштта боьрша нах а: стогалла, доьналла, хьекъал долчех «къонахий» – къоман нах, ткъа вукхарах – божарий, стегарий олуш хилла.

Вайн генарчу дайша шаьш лелочу динан ламасташ муха кхочушдеш хилла гойту Арсанукаев Шайхис хIокху повестехь, шен дешархочунна вайн дIадаханчух керла тоьшаллаш а далош: керла хаьржинчу ЙоI-Деле ден дехар:

– ХIай сийлахь Дали,

ХIай Меркан (мехкан – Б. Хь.) Нани,

Тхен Нани ери хьо,

Хьен бераш бери тхо.

Тхо Iалашбехьа,

Тхен тергоехьа.

Хьен ницкъ сов бери,

Тхо гIийла бери…

Иштта гайтина сагIина бежана дер, цуьнан коча кхерчан зIе а тосий, цу кеппара цIийн сагIа даккхар. ЦIеххьана тIебогIу дагахь а боцу бала – Нохчийчу вогIуш ву къиза, нуьцкъала мостагI. Цара вийна Симсиман (хIетахь иштта цIе йоккхуш хилла Нохчийчоьнан) паччахь Куьйра-хан. Иза нохчашна тIе нуьцкъаша хIоттийна хилла, цуьнгахула тIехIиттийна хилла элий а. Цундела кхиэташ ду, халкъана тIе кхераме сахьт хIоьттича, цара шайн хьаштийн бен терго  еш хилла цахилар. ТIаккха нохчаша шайна юкъара баьчча (тIеман куьйгалхо) хоржуш хилла:

Зама вай йойур яц,

Элашца къийсалуш,

 Цхьа кхин ду сихонца

Кхочушдан дезариг.

Доьху, схьаалалаш

Хетарг, ца ийзалуш:

Баьчча ву, хьем ца беш,

Вай харжа везариг.

Баьччаллин билгалонна луш хилла Мехкан тур, турс, гIагI халкъо хаьржинчуьнга. И герзаш баьчче дIалуш берш зударий бу, цо кхетадо хIунда олу нохчаша шайна уггаре деза-сийлахьчунна хьалха «нана» боху дош тIе а тухуш: Нана-Мохк, Нана-Нохчийчоь, Нана-Даймохк, Нана-ДегIаста, иштта кхин а.

Турс а, гIагI а дохьуш баьччина тIейогIу йоккха стаг – Нана-Нохчийчоьнан васт-амал:

ХIай баьчча, хIара турс,

ГIагI а дIаэца,

Къизачу тIамехь хьо

Кхара ларвойла.

Вайн лаьмнийн, вайн кхерчийн

Турс, гIагI хьо деца,

ЦIахь наной хилар а

Диц ахь ма дойла!..

Мехкаршлахь тоьллачу Мехкан йоIа Эсирас Мехкан  тур дIало баьчче БорзабIаьрге. Къонахийн дог-ойла, доьналла, стогалла, яхь ийъинчу мехкарех ю иза буьйцучу хиламел хьалха а, царел тIаьхьа. Нохчийн барта кхоллараллехь шайн цIерашца билгалбаьхна а бу уьш: Дадин Айбика, Адин Сурхон нана а, кхиберш а.

– Соьгара, ХIай сийлахь,

Везийра баьчча,

ДIаэца сийлахь герз –

Мехкан тур ахь.

Толамца верзий цIа,

Кху лаьмнийн баьрчче

Сийдарца юха и

ДIаоллалахь!..

Ткъа баьччин коьртатуьллург – болатан тIеман куй – тIебохьу къонахех цхьамма.

– Баьччин куй тиллий, ахь

Баа хьайн дуй –

Лаьмнашна, халкъана

Дала дог, цIий…

Повестан шолгIачу декъехь бевза вайна мехкан къонахий: БорзабIаьрг, Аьрзу, Анас, илланча Айтамир. Уьш бу доьналлех а, стогаллех а буьзна, хьекъалца а, собарца а кхечарех къаьстина, халкъо къобалбина нах. Кхузахь коьртаниг хьал-бахам я тайпанан-тукхаман ницкъ ца хилла, ткъа вай лакхахь ягарйина билгалонаш хилла.

БорзабIаьрг – бIаьрг сирла ву,

БорзабIаьрг – лерг сема ву,

БорзабIаьрг – хьекъале ву,

БорзабIаьрг – дог майра ву!

АстагI Тимаран васт кхуллуш, цуьнан дар-лелар а довзийта, автора дуьххьара гойту цуьнан куц-кеп:

Шуьйра белш. Лекха хьаж.

Мара бу виэда.

Юьхь – малхо, мохо а

ЦIестан бос белла.

БIаьргаш чохь-къизалла,

ХIилла а къиэда,

Маж, меккхий нилха ду,

Дерриг сирделла…

КхидIа повесть йоьшуш Тимаран къамелашкахь дешархочунна го цуьнан къизалла, ямартло, хIилла. Ша-шех тоам бина, бIаьрг буьзна, адаман дахар а, сатийсамаш а цхьана а хIуманан меха ца хетачу цо цхьа атта кхайкхайо адамашна кхиэл:

ТаIзар сан

Ду царна нийса:

Уггар а лекха берд,

КIорга Iин харжий,

Куьг-ког а дехкий, уьш

Бердах чукхийса –

Шен ирс дерг, тIулгаш тIе

Кхетта, ву ваьржар!..

Шен уггаре тоьлла тIеман баьчча Бахьадур нохчашца хиллачу тIамехь иэшийча, шена иэхье машар бан хIилла хьовзо а хаьа цунна:

«Иттех де – Iийр вац со

Кхузахь кхин веха.

Иштта а эрна ас

Яйина хан.

Ткъа нохчий, машаран

Кеп хIоттош, Iехо

Мегар ду… деза цхьа

СовгIаташ дан…»

БорзабIаьрг а, Анас а, Аьрзу а халкъан бакъболу тхьамданаш бу.

БорзабIаьрг – «къена бIаьхо, майрачу мIайстахойн дада, нийсонан, тешаман сема хехо, говза ву осалла кхада». Цуьнан валар а хуьлу турслочун  Iожалла санна.

Ишттачу къонахаша хIинццалц схьа, даржа ца доржуьйтуш, иэшна кIел ца соцуьйтуш, лардеш схьадалийна вайн нохчийн халкъ.

Анас, воьжначу БорзабIаьрган метта дIахIотта хьакъволуш, къона, амма майра а, хьекъале а баьчча ву. Цхьа цIена, сирла бу цуьнан Эсире болу безам, Даймахке, шен махке болу безам санна.

Амма оцу вай дагардинчу васташна юкъахь коьртаниг хилла дIахIутту илланчин Айтамиран васт. Хууш ду, массо а заманахь муьлххачу а халкъана сийлахь а, веза а хилла илланча, дешан говзанча. Иштта хилла нохчийн а. Цундела, лаа дац, ирча кхаъ бохьуш веана геланча дIавахча, массарел хьалха дош олург илланча хилар.

Тобанах схьакъаьстий,

КоьртаIуьйра,

Айтамир хьалхахьа

Волу.

Верриг кIайн, зоьртала,

Белшаш шуьйра –

Ишттачух «къена» ца

Олу.

Симсиман паччахь Куьйра-хан а хIуттуш ца хилла Айтамиран дош дохо, хIунда аьлча цунна гуш хилла илланча шен къоман са дуйла, цунна тIе куьг дахьар халкъо ловрдоцийла.

Айтамир – кху лаьмнийн

Верас и ву,

Лаьмнийн дог догуш шен

Кийрахь.

Айтамир – кху лаьмнийн

Илланча ву,

Лаьмнийн аз декаш шен

Кийрахь.


Читать дальше

Источник: http://orga-journal.ru/index.php?option=com_content&view=article&id=158:2013-09-04-09-20-12&catid=2:2011-06-20-10-11-22&
Категория: Мои статьи | Добавил: GANSDOG (02.01.2014)
Просмотров: 1871 | Комментарии: 3 | Рейтинг: 0.0/0
Всего комментариев: 0
Имя *:
Email *:
Код *: